Ши доьзалхо кийрахь волуш ,
И мерза кхаъ дагца болуш.
Делан совг1ат деза хеташ,
Со елира новкъа кхеташ.
Лоьрашна т1е со кхачийра,
Лазар кийра сан хьовзира.
Делан кечам хилла боцуш,
Ши бер дира ас хан йоцуш.
Йоккхаерца ас са докху ,
Лоьраша соь вуо кхаъ боккху
Хьо йо1 йина парг1ат яьлла,
Ткъа тхан декхар т1ера даьлла.
Даг т1е тухуш эрча лазар ,
Г1ара долуш сан мохь хазар.
Вай кхоьллинче орца доьхуш,
Со йоьлхура к1ант схьа воьхуш.
Сан к1ант лоьро воьхкинера,
Цхьаьнца хьалхе барт бинерa
Талунаша ишта долчу,
Зулам деъна сан
Я Аллах1! хьо гуш ву ойла ,
Бехке волчун бекхам бойла.
Дог дустийла ненан дагах,
Харц мотт лебечун шен багах.
Коьртехь боккха бала болуш ,
Дела воцург орца доцуш
Cо йирзира сайн х1усаме,
Гур иккхинчу цу гуламе.
Сан берийн Да кхелхинера,
Тезет суна дехкинера .
Дан ца дезарг кхин а деа ,
Кхин зуламо вуо кхаъ беа.
Д1аьвшe даьндарг йоккха иккхи,
Дагах кхин а дакъа даьккхи,
Сан к1ант кхeлхи воккхах волу,
Чов к1аргъели даь1наш долу.
Кхайкхам бо ас 1елим *** ,
Теш лаьттинчу батте, малхе,
Везчу Деле орца Дехар ,
Сан балица бала кхачар.
Чуо лезнарг-бен нана еца,
Хьо кхиинарг хиларх Деца.
Ас Делаца ч1аг1о йина,
Хьо ц1а верзо нигaт дина.
Сан синан-сих т1аьхье йина,
Хьарам шерех бахам бина.
Винчу нена хьо лачкъийна,
Хьо ца винарг яха хиъна.
Сан дагт1ера къахьо муьйлуш,
Бакъдерг к1антах къайла дуьйхуш.
Цу *** сан хьаьшна марзо,
Я Аллах1, хьо гуш ву харцо .
Сан к1ант, ойла дика елахь,
Делан дуьхьа нийсо елахь.
хьан йиша ю хьоьца йинарг,
Къинхетам бу Дала бинарг.
Ас муха шиъ къастор дара ,
Хьо д1а муха кхуссур вара?..
Хьо-м сан цхьаъ -бен г1огтор яций,
Хьох къастам сан г1ора даций.
Харцо лайна сан йиш хаьлла,
Хьо лоьхуш со махках яьлла.
Ас лоьхур ву хьо дог саццалц,
Вайн Делан дош тоьлла даллалц.
Делан дуьхьа собар дина ,
Ас къахьа къурд ч1ог1а бина.
Вахалахь сан к1ант хьо г1оза,
Ма бойла вай орам доьза.
Хьо веш-бен хьан аз ца хезна,
Сан хьоьх хьега дукха дезна .
Хьо цкъа некхе лаьцна воцуш,
Ц1е ю Дагах летта йогуш.
И йогур ю сан са хаддалц,
Дагах бина шад ахь бастталц,
Хьо ца кхетахь вайн х1у дайна,
Доь хир доцуш хьан ц1е яйна.
От мамы АЛИСУЛТАНОВОЙ ШЕМИ для Сына Дукузову Мухьаммада. Перешли чтоб дошло до Урус-Мартан
Соьга дициш(я ниче не поняла(лартахь еш ц Хаъ на чеченском
Ма ала хьоъ нохчи яц?
Кхи мил вац нохчи?)))ю дер сом, просто ц1ахь кхиан ц
Марьям, Милана с хос.юрта нохчи ца хиллакх
Мегар яо изам?
Мюлш бу такх?,?
Русская и кумычка
Хьун мичар хаъ?)))
Нохчи мот м бюц цар)
Буьца. Цара эларкх, сунам уьшиъ нохчи ю моьттар
Ма делха ма делха кирар дог са… что-то вспомнила песню
Чеченский?!
Да
Зачем это здесь?
Вы спросили)это стих на родном языке девушки
Для тех кто знает и понимает о чем речь это стих посвященный сыну
Так в прямой эфир зачем?
Сделали бы пост Только для своих)
Ну как то не подумала)) А вам это так помешало?
Да нет, просто мотивы интересны, я не рассист:)
Это стих мамы у которой украли и продали ребенка. Стих очень за душу взял вот и запостила))
Надо было перевод еще, нам тоже интересно)
Просто всегда смущает в иностранной речи то, что ты нифига не понимаешь о чем там)
Если интересно могу перевести и чуть позже выложить))
Интересно)